ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаамийн гIирсашна а, политикашна а бехкбиллина Кадыровс


Махкахошна газах тIехьаьрчина декхар дуьтуш, Соьлжа-ГIалин кхелан сацамна гонах лелачу дийцарех шоу ян гIортар ду аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, 9 миллиард ахча республикан бахарошна дитина бохург бух боцуш ду, махкахь декхарш схьалехьош, рейдаш ю дIахьош. Политикаш а, зорбанаш а емалдина нохчийн куьйгалхочо, шайн регионашна а декхар тIера даккхар доьхуш, кхайкхамаш барна.

"Царех цхьаболчара хIоьттинчу проблемех шоу йина. Кхело цхьа сом дитина дац тхуна, ткъа бахархошкара газах ахчанаш схьагулдеш бен болх цхьана сахьтана сацийна а бац", - аьлла, билгалдаьккхина цо.

Маршо Радионо яздира, халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело "Газпром межрегионгаз Грозный" организаци декхаре йина хиларх махкахошна тIера коммуналан йолах долу 9 миллиард сом тIерадаккха.

"Шуьйрра дIа а кхайкхош, декхар охьадилла дезаш верг жоьпалле ийзоро иза дан амал дацарна холчахIоттаво. Оцу бахьаница ерриг юкъаралла сингаттаме кхачайо.Ткъа оцу хьоло сахьт дац бахархой протесте баха а", - аьллера терго ечу хьукматан пресс-гIуллакххочо.

Цул тIаьхьа Красноярскерчу депутато Притуляк Дениса шен Фейсбукерчу агIон тIехь пост хIоттийра, Красноярскан кIоштарчу бахархошна тIехь мел долу декхар а дIадайар доьхуш.

Ишта, Смоленскан кIоштарчу а, Чувашерчу а депутаташа а прокуратурашка дехар дира, Нохчийчохь а санна, шайн бахархой а декхарх мукъабаха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG