ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГаланчIожахь баха луучарна ахчанаш дала тIелаьцна махкарчу Iедало


ГаланчIожан кIошт
ГаланчIожан кIошт

Кхо миллион гергга сом ахча хьажор ду шаьш аьлла Нохчийчуьрчу Iедалхоша бахархошна, ГаланчIожан кIошта дIа а бахна, цигахь бахам болабахь. Некъаш дохкуш, кIоштара масех эвла юхаметтIахIоттош, белхаш дIабахьа Iалашо ю церан. Дай баьхначу лаьтта берза луучурна 80 цIа дийр ду аьлла, тIелаьцна Iедалша, хаамбо "Кавказский узел" агенталло.

2018-чу шеран чакхенехь дIакхайкхийра нохчийн Iедалхоша ГаланчIожан-кIошт денъян шайн Iалашонех. ГIалгIайчоьнца дозанехь лаьттачу территорешкахь бахархошна а, туристашна а лерина Iер-дахаран а, самукъадаккхаран а хьелаш тодийр ду ша аьлла, карара шо ГаланчIожан хиларх дIакхайкхийра Кадыровс.

"Кху юьртахь бахам боло луучарна лерина ахчанийн гранташ лур ю цхьана миллионна тIера кхаа миллионе гергга. Бахархоша шаьш хIоттийна бизнес-план республикерчу юьртабахаман министралле схьакхачо еза. Ишта туризм кхиор ю кIоштахь. Туристашна интересе хир йолу шира тIеман а, ханан а бIаьвнаш лаьтта ГаланчIожахь. Цу тIе исбаьхьа Iалам а ду", - аьлла юьртабахаман министарллан векало агенталле.

Маршо Радионо хьалхо яздира, ГIалгIайчоьнца доза тоьхна лаьттачу ГаланчIожан кIошта шайн дайх дисинчу лаьтта тIехь баха дIабаха луучу доьзалийн терахь 200 хьаладаьлла цхьана кIиранчохь аьлла, экономика кхиоран министраллан векало хаамбарх. Оцу кIоштахь болх беш яц цхьа а индустри, яц белхан меттигаш, дац некъаш, яц социалан сферан объекташ а бохуш, билгалдоккхуш, керлачу меттиге дехьадовларх ойланашкахь хиллера цхьаберш.

Нохчийн къам 1944-чу шарахь махках даккхале хьалха ГаланчIожан кIошт республикехь уггар а йоккха муниципалитет лоруш яра, 150 эвла яра цунна чу йогIуш. Депортацера къам цIа дирзинчул тIаьхьа, нохчашна дихкира шаьш баьхначу кIошта юхаберза. Хьалха- Мартанахь а, ТIехьа-Мартанахь а, Сунжан а, ишта кхечу а кIошташкахь дIанисбира уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG