ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскерчу набахтехь йиттина нохчийн тутмакхна


2014-чу шарахь полисхошна тIелатар дина, бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, набахтехь даккха 14, 5 шо хан тоьхначу Нохчийчуьрчу вахархочо Эдигов Сулеймана дIахьедина, ша латточу Иркутскерчу лоьмар 3 йолчу колонехь йиттина шена аьлла. Юкъараллан тергамчийн комиссин декъахошка (ОНК) дIакхачийначу кехат тIехь яздраехь, стохка ГIуран-беттан 29-чохь йиттина цунна, яздо "Кавказ.Реалии" портало.

Эдигов Сулейманан дIахьедар
Эдигов Сулейманан дIахьедар

ТаIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) кхаа белхахочо резинан гIаж йиттина тутмакхна. Иркутскан кIоштарчу ОНК-н декъахочо Глущенко Павела портале хаамбарехь, оршотдийнахь Эдиговн могушалла телинчу лоьро дIахьедарца, астагIа а ву иза, ишта кога тIехь буьччалг гучуяьлла цунна. Эдиговна йиттинчул тIаьхьа цуьнан дегIа тIехь хиллачу таммагIех лоьраша тIечIагдина тоьшалла кара кхача аьтто ца баьлла юкъаралхойн.

"Колонехь ницкъбар тIечIагIдо, амма бух болуш лелийна шаьш боху", - аьлла, билгалдаьккхина Глущенкос. "Нагахь полисхошна арз ца дахь, шаьш белхан тобанца цхьана балха дIавохуьйтур ву аьлла хилла цуьнга. ХIинца тIаьхь таIзарш деш, ШИЗО-хь латтош ву иза", аьлла, тIетоьхна юкъаралхочо.

Эдиговн дIахьедарца меттигерчу ФСИН-ан урхалле а, прокуратуре а, Талламан Комитете а латкъамбан Iалашо ю юкъаралхойн, церан жамIе даха дог дацахь а.

Уггар а резонансе долчех дара Эдигов Сулейманан гIуллакх а. Талламчийн версица, 2009-чу шарахь дуьйна Швецехь вехаш хилла иза, 2012-чу шарахь Соьлжа-ГIала а веана, некъан полисхочунна Юсупов Мурадна герз тоьхнера цо. Оццу шарахь рогIера даймахка веача, дIалаьцнера иза. Эдиговс чIагIдора, тIехь ницкъ а бина, бехк тIеэцийтинера шега аьлла.

Кхелан процесс йоьдучу заманчохь мацалла кхайкхийнера Эдиговс протест еш.

2013-чу шеран гурахь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхо Абубакаров Вахьид, кхелана Iаткъамбо аьлла, юкъарвелира цуьнан дов хаттарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG