ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сурковн "Путинан пачхьалкх"


Суров Владислав (аьрруагIор), Путин Владимир.
Суров Владислав (аьрруагIор), Путин Владимир.

"Еххачу ханна кхоьллина Путинан пачхьалкх"

"Суверенан демократин" концепцин авторо, "Цхьаалин Оьрсийчоь" (Единая Россия) парти кхоьллинчерах а, "путинизман коьртачу идеологех" а цхьаъ волчу Сурков Владислава артикл арахецна "Независимая газетехь". Цо язйинчу "Еххачу ханна кхоьллина Путин пачхьалкх", цIе йолчу материалан корталг ю "Дерриг а чулаьцча, кхузахь хуьлучух лаьцна". "Кхузахь" бохург махкахь бохург долчух тера ду.

Сурковс ешархочуьнга цхьамогIа тезизаш кховдийна, Оьрсийчоь сийлахьалла долуш а, ша-тайпа шен некъ болуш а пачхьалкх ю боху ойла тIечIагIйеш.

Царах цхьаерш йовзуьйту Znak.com интернетан зорбанан хьастанан редакторо Колезев Дмитрийс, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

"Гарехь, кху дийнахь йоьшург Сурков Владиславан "Независимая газетехь араяьлла артикл ю. Оцо кхоьллира сна дуьхь дуьхьалара ойланаш. Сурковс, даима а деш ма хиллара, къорггера ойланца язйина йолу иза, гарехь, ерриг элитина аутоирениг ян гIортар хетало: «Дерриг а дика хир ду, Путинан (путинизман) хан ехха лаьттар ю, вай керла пачхьалкх кхоьллина, нагахь бIешершакахь ца латтахь, лахарра а иттаннаш шерашкахь лаьттар ю иза. Ткъа кхин берш хьоьгур бу вайх", - яздо Колезевс.

- Амма теший те ша Сурков ша дуьйцучух? - хоьтту цо.

Сурковс дуьйцучуьнан цхьайолу тезисаш а ялайо Znak.com редакторо Колезевс:

1. Историн харжам хуьлуш бац. Иза мотталург ду. Ерриг ю "историн процессийн логика". Цундела Оьрсийчоьнан цхьа а "демократин харжам" бац.

2. Вай хIоттийна керлачу тайпа пачхьалкх, цунах массо а ца кхеттехь а. Иза "Путинан пачхьалкх ю".

3. "Путинан пачхьалкх еххачу хенахь лаьттар ю".

4. Кхин болу мехкаш, вайн пачхьалкхе а хоьжуш, вайгара масал оьцуш бу, цхьадолчу вай диначух пайда оьцуш.

5. Цера цигахь deep state (кIоргенехь пачхьалкх) (пачхьалкхана урхалла деш къайлаха Iедалхойн тоба ю, демократин институтийн кирхаьанашна тIехьа лечкъина), вай деррриг а гойуш ду, цхьа а хIума лачкъийна дац. Дика жамIаш хилийта дерриг а деш йолу пачхьалкх ю вайниг.

6. КIоргенехь пачхьалкха метта вайниг кIоргенехь халкъ ду.

7. Путинан пачхьалкхан коьрта дикалла ю халкъе ладогIа а, цунах кхета а хаар.

8. Ткъа халкъ цхьаннех а ца теша пачхьалкхан куьйгалхочух (Путинах) бен.

Маршо Радион Оьрсийн сервисо цхьамогIа комментариш ялайо Сурковн артикл ешначу нехан. Царах дукхаха болучара билгалдоккху авторан коьрта Iалашо Путин Владимир хастор хилар а, цунна гуш долу сурт долчуьнца догIуш ца хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG