ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзар сов оппозиционер дIалаьцна Туркойчохь


Радикалан исламан хьежамаш болчу Гюлен Фетхуллан боламца уьйрашкахь хилла аьлла, шеконашца цхьа эзар сов стаг дIалаьцна Туркойчоьнан Iедалша. CNN Turk телекомпанин хаамашца, дукхахболу шеконаш кхоллаелла нах Хонкарахь бу, ткъа полисхоша операци дIахьо пачхьалкхан 76 провинцехь.

2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчам бан гIортарна бехкебина лецира 80 эзар сов стаг, ткъа кхин а 150 эзар пачхьалкхан белхахой а, эскархо а балхах вохийра. Президентан ЭрдогIан Реджепан критикаша бехкевира иза, путч бахьана а дина, пачхьалкхехь шена дуьхьалберш эшо гIерта аьлла.

1999-чу шарахь дуьйнна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь веха Гюлен Фетхулла. ДоттагIаллин уьйрашкахь вара иза ЭрдогIанца 2013-гIа шо тIедаллалц, исламан юкъараллан болам а кхуллуш. ТIаьхьо пачхьалкхан урхалхошца юкъаметтигаш ийгIира цуьнан. Туркойн Iедалша бехкевира иза пачхьалкхехь карчам бан гIоьртина аьлла, Iамерке схьа а вийхира.

Гюленан "Хизмет" организаци юкъахь бу бохуш, тIаьххьарчу шина шерачохь Туркойчохь лецначу нахалахь бу политикаш а, кхелахой а, тIемалой а, юкъаралхой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG