ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новгородан кIоштахь школаш дIакъевлина гриппан эпидеми яьржина


Гриппан а, ОРВИ-н а эпидеми яржарна Новгородан кIоштара массо а школаш итт денна дIакъовлар хьехна Роспотребнадзоро. Бераш мукъадита, йа дистанцин кепехь хьеха цхьана ханна аьлла, тIедиллина доьшийлийн директоршна.

Роспотребнадзоран зерашца, бутт карабеачхьана регионехь эпидемин лазарш 49 проценте кхиъна. ХIора кIиранах дарбан хIусамашка оьху 7 эзар сов Новогородан бахархой.

Оцу юкъанна Брянскан кIоштахь 90 проценте даьлла гриппан а, ОРВИ-н лазар токхучийн терахь, Ивановскан кIоштахь 85 проценте ду. Ткъа Ивановера школаш дIакъевлина кIиранде кхаччалц.

Ишта белхаш совцийна оршотдийнахь дуьйна кхиазхошна леринчу муниципалан хьукматашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG