ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевца лелийначу шогаллех дийцина цуьнан адвокаташа


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан адвокаташа дIахьедарехь, полисхоша кхерамаш а тийсина, бертаза яьккхина цуьнан месаш тIелетта, марихуана чохь хиллачу пакетах дихкина хилла скотч.

Маршо Радионо ма-яздарра, Шеларчу кхелехь хоттуш ду Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан дов. Оршотдийнахь йоьдучу кхелехь цуьнан адвокаташа тIедожийра суьдхо хийцар, амма дуьхьало йира царна.

Ишта адвокаташа дийхира бакъонашларъярхо лоцучу цхьана дийнан цуьнан телефонийн детализаци ехар мобилан операторшка. И дехар а юхатоьхна кхелахочо. Цо чIагIдарехь, прокуроран талламо тIечIагIдина дац, лоцучу дийнахь цуьнгахь телефонаш хилар, хаамбина "Кавказский узел" агенталлан корреспонденто.

Титиевна кхерамаш тийсина хилла ницкъахоша, "бехк тIе а лаций, дерзийта хIара гIуллакх" бохуш. Иза реза ца хилча, гIоьмаш тоьхнера цуьнан куьйгех, коьртах скотч а хьарчош. ТIаьхьо озийна, месаш юкъа а лоцуш, озийна схьадаьккхинера аьлла, дIахьедо адвокато Дубровина Маринас.

Ишта адвокаташ тешна бу, скотч лерина Iалашонца хьарчийна хиларх, цуьнан месаш оьшуш. "Аюбан коьртах дихкина скотч хьарчийна полисхоша наркотикаш чохь хиллачу пакетах", - аьлла Дубровинас.

Адвокатийн дIахьедаршна тIетайна Титиев Аюб а. "Талламчас сан месаш йоьхучу хенахь, соьга ца дийцира, стенна оьшуш ю уьш. Сан коьртарчу месашца наркотикан лар хаалой хьовсуш бу моьттуш хиллера со, ткъа уьш оьшуш хиллера скотч тIелеттачу месашца дустар дан. Суна и скотч дуй а ца хаьара", - аьлла Титиевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG