ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь байинчийн доьзалшна компенсаци далар тIедожийна Европан кхело


Нохчийчуьра Бугаев Iалви а, Атабаев Олхазур а вийна масех шо даьллачул тIаьхьа Европан кхеле латкъамбина гIуллакх листина даьлла кхелахоша. Цу шиннан гергарчарна 200 эзар евро ахча дIадалар тIедожийна кхелахоша, аьлла адвокато Ицлаев Доккас.

Шайн нах байарх гIуллакх кхачо йоллуш теллина дац аьлла, арздинера Бугаевн, Атабаевн, ишта орцан министраллан куьйгалхочун гIовсан Юнусов Русланан а гергарчара.

"Кавказский узел" агенталло хаамбарца, Абиев Джабраил а, Атабаев Iалви а, Атабаев Олхазар а тIехь волчу машен чу автоматаш а йиттинера, 2005-чу шарахь Старопромыслан кIоштахь аьлла. Абиев Джабраил а, Атабаев Олхазар а вийнера, Атабаев Адамна 14 даьндарган чов йинера. Тахана а Оьрсийчоьно теллина, йист яьккхина яц оцу гIуллакхан.

Бугаев Iалвин нанна Шамсудинова Зураъна 60 эзар евро, АтабаевгIеран шина кIантах 120 эзар евро дIало аьлла, тIедиллина Оьрсийчоьнна Европерчу адамийн бакъонийн кхело. Ишта хIоранна а динчу зена исс эзар евро а, кхелахойн хьашташна дайинарг а меттахIоттош шишша эзар евро компенсаци далар а тIедожийна Страсбургерчу кхело.

Маршо Радионо яздира, кху беттан 5-чохь Европан кхело Оьрсийчоьнна 69 эзар евро тIедожорах вийначу орцан министраллан урхалхочун гIовсан Юнусов Русланан доьзална дIадала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG