Москохарчу аэропорташкахь 43 кеман рейс сацийна лаьтта йочана бахьана долуш. Яндекс.Расписание сервисан зерашца, Домодедовехь кхо рейс юкъахъяьккхина, ткъа Внуковехь 11. Шереметьевехь а ду гIатта ца луш 11 кема. Йочана хIоьттина Москох тIаьххьарчу буса.
Орцан министраллан хаамашца, кхааридийнан сарралц тIедогIуш ло а долуш, цхьацца меттигашкахь ша хьаьхна хир ю.
Москохарчу транспортан прокуратурано талламаш бу дIахьош "Аэрофлотан" рейсаш Шереметьевехь юкъахъяхаран бахьанашца доьзна, пассажирашна оьшу хьелаш латтош дуй, хьовсуш.
Де хьалха авиакомпанино дIакхайкхийра, кхааридийнан 70 гергга рейс юхаяьккхина шаьш йочанна аьлла.