ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассера хьал марсадаккхар дита аьлла Оьрсийчоьне Евробертан пачхьалкхаша


Ахчанца а, тIеман гIирсца а сепаратисташна гIо а латтош, Украинан Малхбалехь тIеман конфликт марсаяккхар сацаде аьлла, Оьрсийчоьне кхайкхамбина Францино, Германино, Великобританино, Белгис, Полшано а. Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси ярна хьалха санна дуьхьал ю Европан пачхьалкхаш.

Дуьненчуьрчу машарна кхерамаш латтош, Украинан суверенитет йохайо Москоха шен леларца аьлла ду юкъахь Евробертан пачхьалкхаша хIоттийначу дIахьедарехь. Украинерчу ситуацина леринчу ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан цхьанакхетарехь бина цу кепара кхайкхам.

Донбассера хьал дерзон Iалашонца бина Минскан барт а бохийна хиларна къера бу ООН-ехь.

2014-чу шарера схьа дуьйнна Украинан Малхбалехь вийна 3 эзар сов маьрша вахархо, ткъа йоллу пачхьалкхехь вийнарг ву мел лахара а 9 эзар стаг. 1,5 миллион Луганскан а, Донецкан а кIоштийн бахархой мухIажирш бевлла. Гуманитаран хеттаршкахула йолчу ООН-н инарла секретаран гIоьнчас Мюллер Урсулас дина ишта дIахьедар.

Цо бахарехь, Донбассан шина а агIор бехачу бахархошна гуманитаран гIо кхачо 2019-чу шарахь 162 миллион доллар ахча оьшу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG