ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

9-чу классашкара бераш дIаэхарна дуьхьал ву Кадыров


Дахначу шарахь Нохчийчуьрчу школашкара 9-чу классера 10-че дехьаваьлларг 46, 1 процент дешархо ву. Оцу ситуацина ша реза цахилар дIахаийтина республикан урхалхочо Кадыров Рамзана.

ЕГЭ дIаяла хаарш тоьар дац шен аьллачу беро эшабо шен ницкъаш. "Исс класс яьккхина школера бер дIадахар ледара тенденци ю. Уггар хьалха, дайша-наноша дика дешийта деза шайн берашка. Шайн доьзалхоша дуIу са а хууш хила беза дай-наной, кхана-лама шаьш къанделча шайга хьажа церан дезий а хоуьйтуш. Тахана шаьш чудиллинарг схьаоьцур ду аш кхана шайн берашкара", - аьлла Кадыровс.

Цул совнах, хьехархой а декхаребина мехкан куьйгалхочо, берийн деша дог даийта. Цундела, уггар хьалха хьехархойн хаарш лакхадаха деза, аьлла хета цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG