ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иза вуно къаргделла, ткъа вай кийча хила деза иза листа - Омар


Iамеркан Конгрессан дукъашхо Омар ИлхIан.
Iамеркан Конгрессан дукъашхо Омар ИлхIан.

Iамеркан президенто Трамп Доналда кхайкхам бина конгрессхочуьнга Омар ИлхIане дарж дита аьлла, жуьгташна дуьхьал шена хетарг аларна иза бехке йинчул тIаьхьа, яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо. Израилехьа политикан лоббизмах лаьцна цо дина дIахьедарш бахьана долуш Омарна критикаца дуьхьал бевлла республикан партин декъашхой а, ткъа иштта цуьнан цхьана партехь болу демократаш а.

Цул тIаьхьа Конгрессан декъашхочо нахана гуш-хезаш бехк цабиллар дехна, ша аьллачух лазам хиллачу берриг а жуьгташка. Шинарин дийнахь журналисташна хьалха вистхуьлуш Трампа дIахьедар дира, Омара шена бехк цабиллар дхар, шех тешош дацара аьлла. Цо ша шеко кхоллаелла ву элира, иза цо даггаха дина бохучух. Iамеркан президенто кхайкхира Омар ИльхIане, балхара дIаяла я, лаххара а, дуьненаюкъарчу юкъаметтигашкахулачу Комитетана юкъара дIаяла аьлла.

Омар Сомалира мухIажир а, бусалба а ю. Цо Конгрессан векалийн чоьнехь меттиг дIалецира 5 кIира хьалха. ДIадаханчу кIиранан дийнахь Омара Твиттерехь маситта комментари йитира, Израилехьара лоббин тобанна а, Iамеркан а, Израилан а юкъараллийн уьйрашкахула йолчу комитетана а (AIPAC) критика еш.

Конгрессан декъашхочо яздинера, AIPAC олучу комитетан декъашхоша конгрессхошна ахча далар бахьана долуш гIортор йо Конгрессан декъашхоша Израилна аьлла.

Омара гIортор еш ю BDS олучу тобанна. Цуьнан декъашхошна хетарехь, Израилан Iедалша палестинахошна геноцид ярна адамаша бойкот ян еза Израилна, сацо деза цу пачхьалкха инвестицеш яр, кхайкхо еза санкцеш.

Омарна хьалха а критика йинера политикан дуьхьаончаша Израилна дуьхьал цо къамелаш дарна. ХIинца цунна дуьхьалбевлла бу шина а партин векалш.

Маккарти Кевин Конрессан лахарчу чоьнехь кIезиг болчу Республикан партин цIарах болчу конгрессхойн хьалханча ву. Цо кхайкхам бина демократин куьйгалле Омарна Iаткъам бахьара аьлла. Изза дан деза аьлла хета цунна ислам динехь йолчу Мичиган штатан цIарх конгрессхо йолчу Талиб Рашидна а.

Омар а, Талиб а, хьул а ца деш, емал до Палестинин автономин бахархошца Израилан куьйгалхоша, цу шинна хетарехь, лело харцо.

Республикан парти цIарах волу кхин цхьа конгрессхочо Кинг Питера аьлла Омара дина бехкбиллар "эхь доцуш" ду аьлла. Кинга чIагIдарехь, жуьгташа конгрессхошна ахча ло бохург "оьзда доцуш" хIума ду. Омар бехке йина цо жуьгтий цабезарна (антисемитизм).

Омарна тIе ца хIиттина демократин партехула болу цуьнан белхан накъостий а. Векалийн чоьнан спикеро Пелоси Нэнсис оршотан дийнахь кхайкхам бира Омар ИлхIане, бехк цабиллар деха аьлла. Цул тIаьхьа спикеро дийцира шен Омарца хиллачу къамелах лаьцна а.

Демократ Махоуни Шон Патрик Конгрессан векалийн чоьнан декъашхо хаьржина ву Нью-Йорк штатан цIарх. Цо чIагIдарехь, цуьнан Изрилехьа йолу позици "ахчанца йоьзна а йоцуш, юкъарчу мехаллашца а, Iамеркан къоман кхерамазаллица а" йоьзна ю.

Омарх "дог даьлла" шен, боху цо.

Кхечу цхьана демократо Хаймс Джима дIахьедина, Израилна критика яр я Израилехьарчу лоббина критика яр "вуно мегар долуш хIума ду" аьлла. Амма цо кхайкхам бина шен накъосте Омар ИлхIане, хетарг "ларлуш ала иза жуьгтий цабезар ду" ала меттиг ца йита аьлла.

Делахь а, демократех цхьана декъо гIортор йина Омар ИлхIанна.

Нью-Йоркан цIарх Конгрессан декъашхо йолчу Окасио-Кортес Александрияс Твиттерехь яздина, ша "дозалла до ИлхIана политикан лоббизмах лаьцна хаттар айъарна" аьлла. Цуьнца цхьаьна Конгрессан декъашхочо билгалдаьккхина ИлхIанан доьналла тоьъна хилар бехк цабиллар деха.

Шена критика йиначул тIаьхьа Омара бехк цабиллар дехна.

«Антисемитизм йолуш ю, суна баркалла ала лаьа сайн жуьгтийн къомах болчу белхан накъосташна, жуьгтий хьийзорах лаьцна суна дийцинчу. Со лууш яцара цхьана а кепара сайн харжамхой а, Iамеркера жуьгтий а сийсазбан, - яздина Омара шен Твиттерехь.

Вуьшта цо тIетоьхна, Iедалан лаккхарчу гонашкахь лоббисташа лелочу шеко йолчу хIуманашна дуьхьал къийсам дIабахьар дуьтур дац ша аьлла. Конрессхочо дийцарехь, башхалла а яц иза хьенах хьакхалуш ду бохург Iамеркан а, Израилан а юкъараллийн уьйрашкахула йолчу комитетах, Къоман герзан юкъараллан лаам чекхбаккха гIертачу нахах я мехкадаьттан индустрех.

"Иза вуно къаргделла, ткъа вай кийча хила деза иза листа", - яздина Омара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG