ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалхойн сий дайинчунна туху гIуда 20-зза лакхара хир ду


Интернетехь харц хаамаш Iорабахарна а, Iедалхой сийсазбеш йозанаш дитарна а тухуш долу гIуда 20-зза алсамдаккха тарло Оьрсийчохь. Цу кепара хийцамаш бина пачхьалкхан Думан депутатийн тобано, яздо ТАСС агенталло. Тухучу гIудан барам юьхьанца 3 эзарна тIера 5 эзаре кхаччалц дара. МогIарерчу бахархошна 30 эзарна тIера 100 эзаре кхаччалц лакхабаккхар доьху депутаташа. Ткъа даржехь болчеран охьадилла дезар ду 60 эзарна тIера 200 эзар соьме кхаччалц. ШолгIа а низам хьаьшна меттиг нислахь, 100 эзар соьмера 300 эзаре гIуда тохар доьху парламентхоша.

"Единая Россия" партин цхьана декъашхочо бахарехь, 1 эзар сом гIуда тохарх, нислур долуш хIума дац, амма 100 эзар сом охьадиллийтича, велла дIаваллалц дагахь лаьттар ду.

Ишта доьху Iедалан белхахо аьшнашвинчунна 15 дей, буьйсий чохь даккхийтар а хийцаза дитар.

Iедалхой сийсазбарх а, интернетехь фейкан хаамаш баржорах а низаман проекташ хьийхира ГIуран-баттахь Конституцин низамаш арахоьцучу Федерацин Кхеташонан комитетан куьйгалхочо Клишас Андрейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG