ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхо жимстаг лачкъийна вигина


ТIеман барзакъ доьхначу наха лаьцна вигина Грозненск-кIоштарчу ЧIаьнти-Юьртахь кхо жимстаг дахначу оршотдийнахь. КIоштан бахархоша бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. Кегийрхой дIалецаран бахьанаш хууш дац шайна аьлла цара. Ишта къаьстина дац муьлхачу структурашкарчу ницкъахоша дIаяьхьна и операци а (кхаа жимчу стеган гергарчаьрга хаийтина хIума дац).

"Кавказ.Реалии" портало лецна бигинчех хаьттича, шайгахь "информаци яц" аьлла, дIахьедина Грозненск-кIоштан полисхойн декъехь. ДIавигинчу кхааннан цIераш билгалъевлла портална, уьш бу Ульбиев а, Дебиров а. КхоалгIачун цIе къастаза юьсу.

Бакъонашларъярхочо Саратова Хедас тIечIагIдина, оцу кегийрхойн гергарчу наха дехар дина шега, уьш латто меттиг къастаяхьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG