ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримов: "Информацин гей-атака ю Нохчийчоьнна йийриг"


Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iалви
Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iалви

Нохчийчохь гейшна тIехь ницкъ латтабо аьлла, ООН-ан адамийн бакъонаш ларъечу хьукмато динчу дIахьедарна комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис.

"Оьрсийчоьнна дуьхьал йолийначу политикан гурашкахь" Нохчийчоьнна йина "информацин гей-атака" ю иза аьлла цо. "Шайн эхь, бехк дацарехь дозанаш хедийна цара."

Женевехь а, Вашингтонехь а охьа а хевшина, бух боцу дIахьедарш кар-кара оьцуш, даржадо цара боху Каримовс. Гей ву аьлла, шеконашца цхьа стаг дIалаьцна вац Нохчийчохь аьлла, чIагIо йо пресс-секретаро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG