ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школашка кхаа рожехь къа ца хьегийта гIерта Iедалхой


Chechnya - Graduation Day At School number 25, Grozny, 26 May 2017
Chechnya - Graduation Day At School number 25, Grozny, 26 May 2017

Нохчийчохь доьдучу шарахь 15 керла школа ян тIелаьцна Iедалхоша. Кхаа рожера дешар шина роже дерзорхьама а, лаьмнийн кIошташ кхион мехкан урхалхочун программица а догIуш, Веданан кIоштарчу Зеламхан-Юьртахь 220 берана лерина школа ян йолийна хIинцале а. Беной-кIотарахь 120 берана деша таро луш школа йина яьлла карарчу заманчохь.

Школашкара кхаа рожера дешар шина роже дерзо карадогIучу шарахь ахча хьажор ду Нохчийчу аьлла, дIахьединера стохка. Ишта программи юкъа яхна Буряти а, ГIалгIайчоь а, Дагестан а. 11 миллиард сом билгалдаьккхинера школашкара проблема цхьалхаяккха.

Йолчу информацица, таханалерачу дийнахь махкарчу 70 школехь бераш кхаа рожехь доьшуш ду. ТIаьххьарчу 4-5 шерашкахь Нохчийчохь 30 сов школа схьайиллиншехь, хьал хийцалуш дац аьллера мехкан куьйгалхочо, республикехь бераш дуьненчу дийлар лакхара хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG