ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кечйина Iамерко


Украинера ситуаци бахьанехь а, кхечу пачхьалкхашкарчу харжамашна юкъагIортарна а аьлла, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцийн проект кечйина Iамеркан сенаторо-республиканхочо Грэм Линдсис а, сенаторо-демократа Менендес Роберта а.

Санкцеш хьакхалур ю цхьа могIа оьрсийн банкех а, энергетикан компанех а, яздо Reuters агенталло. Газаца йоьзначу Оьрсийчоьнан пректаш а юкъаяха мега санкцешна.

Ишта сенаторша хьоьху Оьрсийчоьнан президентца уьйрашкахь болчу нахана а, коррупцица боьзначарна дуьхьал а дозанаш тохар.

Цул совнах низаман проекто санкцеш яха аьлла Украинан тIеман хIордан кеманашна Керчан гечонехь тIелатар дарна оьрсийн ФСБ-н 24 белхахочунна дуьхьал а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG