ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра 77 % бахархой дуьхьал бу митинге бийла


Пачхьалкхера дахаран хьелаш тодархьама митинге а, акцешка а бовла реза бац Оьрсийчуьра дукхахболу бахархой. "Левада-Центро" бинчу талламийн зераша дина ишта жамI. 22 проценто урамашкарчу акцешка довла кийча ду шаьш аьлла, жоп делла. Оцу юкъанна 77 % респонденташ дуьхьал хилла митингашка лела.

Юкъараллан, политикан организацешна ахчанашца гIо латто реза ца хилла 91 процент бахархой. 90 % Оьрсийчоьнан бахархойн лаам бац пачхьалкхерчу кеп-кепарчу тIегIанийн харжамашка шайн кандидатура хьалхататта.

Социологаша билгалдаккхарехь, пачхьалкхехь дахаран хьелаш кхио лаам болчийн жигаралла къаьстина Москохарчу бахархошлахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG