ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь почтана тIелатар динчеран лаьттах доьллина герз хилла


ГIалгIайчуьрчу Карабулакан почтана тIелатар динчу тобан лаьттах доьллина герз дара аьлла, гучудаьккхина лаьцначех цхьаммо, хаамбо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Маршо Радионо хааме даьккхира, почтера 400 эзар сом а хьош, хадархочунна чевнаш еш, кху беттан 8-чохь хиллачу инцидентех.

Росгвардин эскархойн гIоьнца дIалаца аьтто баьлла пхи стаг аьлла, хаамбира ГIалгIайчуьрчу Талламан Комитетан сайтехь.

"Уьш бехачу хIусамех хьоьвсинчул тIаьхьа, тоьшаллаш карийна, дуьйцу тIелатар цара дина хиларан", - яздо мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шайн сайтехь а. Карабахкинчех Пливеверчу 29 шо долуч вахархочо мукIарло дина, шаьш тIелатарш деш пайдаэцна герз латточу меттигна.

"Оцу меттигехь полисхошна карийна 4 тапча а, автомат а, масех патарма а, куьйга йина граната а",- дIахьедо министралло шен сайтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG