ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мурманскехь нохчийн туризман центр схьайиллина


Нохчийчоь, ГаланчIожан кIошт

Охан-баттахь Мурманскехь Нохчийчоьнан туристийн информацин центр схьайоьллур йолуш ю аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале туризман министраллан организацин-аналитикан декъан куьйгалхочо Дадаева Яхас. Цо бахарехь, стохка Мурманскера туризман центр зIене яьллера Нохчийчуьрчу коллегашца, шайн гIалахь центр схьаеллар доьхуш.

Карарчу заманчохь нохчийн туризман центраш ехкина Петарбухахь а, Эстонерчу Отепяхь а, Германин Лейпцигехь а.

Ишта центраш яхкарх дийцарш хьош ду Нижний Новгородерчу а, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу а, Китайрчу а партнерашца а аьлла Дадаевас.

Масех де хьалха туризман министро Байтазиев Муслима дIакхайкхийра, тIаьххьарчу пхеа шерачохь Нохчийчу оьхучу туристийн терахь кхиъна аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG