ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIунда оьшу Оьрсийчоьнна "суверенан интернет"


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо хьалхарчу дешарехь низаман проект тIеэцна "суверенан" олучу интернетах лаьцна. Цуьнан авторша дийцарехь, цу кепарчу интернетан Iалашо ю "дуьненан машанан Оьрсийчоьнан сегменте, юкъах ца йолуш, болх байтар, нагахь иза глобалан инфраструктурехь дIахадаяхь".

ХIун тIаьхьалонаш хир ю Оьрсийчоь интернетах дӀакъасторан, муха ю Оьрсийчоьнан Iедалан баккъалла а йолу Iалашонаш? Цу хаттаршна жоьпаш лохуш "Iамеркан аз" порталан корреспонденто Сааков Рафаэла къамел дина Iамеркерчу интернетан говзанчица (Вашингтонерчу Атлантикан кхеташонан терахьийн криминалистикан лабораторин директорца) Бруки Грэмца (Graham Brookie).

Iамеркан аз: Оьрсийчохь "суверенан интернет" юкъаяккха оьшуш хиларан бахьана дуьйцуш хьехадо мохк интернетан технологийн аренехь ларбар. Хьуна хетарехь, баккъалла а долу бахьана хIун ду?

Бруки Грэм: Карарчу хенахь Оьрсийчохь лелош долу интернетан тIекхачар лахдан гIертаран баккъалла а долу бахьана дац аьлла хета суна, кхин пачхьалкхаш я махкара компанеш интернетехула юкъагIертар сацор. Иза Iуналла дан гIортар ду терахьийн инфраструктурина. Ткъа цо аьтто бийр бу Оьрсийчоьнан Iедалийн махкарчу бахархошна тIехь Iуналла дан. Цундела и сацам бина чоьхьарчу политикан бахьанашца.

Iамеркан аз: Цуьнан бахьана юкъаметтигаш йолуш ду аьлла хетий хьуна, "троллийн фабрика" олучуьнца а, кхечу а Цхьаьнатоьхначу Штаташна маьIна долчуьнца?

Бруки Грэм: Шеко а йоцуш, цу лелочуьнан дуьненаюкъара кӀелдӀашхе ю. Амма, суна хетарехь, кхузахь дуккха а цхьаьнадогIуш ду, масала, Китайно "инзаре Китайн интернетан дурс" къолларца дечуьнца. Цо аьтто бо Iедалан, цкъа делахь, бахархошна интернетана тIекхача новкъарло ян, шозлагIа делахь, кхечу пачхьалкхийн интернетан гIирсаш, "Гугл" а, "Фейсбук" а, "Твиттер" а саннарш, дIалакъо. Iалашо ю эвсаре цензура латто шайн бахархошна тIехь.

Iамеркан аз: Муха тIаьхьалонаш хир ю аьлла хета хьуна "Твиттер" а, "Фейсбук" а санна йолчу Iамеркан компанешна, нагахь Оьрсийчоьно "суверенан интернет" кхуллуш юьхьарлаьцнарг чекхдаккхахь?

Бруки Грэм: Дера, хаъал халонаш кхолла ма мега цо дуьненаюкъарчу компанешна, шайна юкъахь "Гугл" а, "Фейсбук" а, "Твиттер" а йолуш. Церан дезар ду Оьрсийчохь бен болх бийр йоцу шайн сурсатийн алтернативан версеш кхолла.

Масала, "Гуглан" дезар ду ша-тайпа верси кхолла. Иза дан декхарелахь ян мегаш ю и компани Оьрсийчоьнан Iедалша. Кхузахь хаттар хIутту, цу компанешна оьшуш дуй-те цу кепара сурсаташ кхоллар аьлла. ХIунда аьлча, хьалха иза дар вуно хала гIуллакх хилира кхечу пачхьалкхашкахь, оццу Китайхь а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG