Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхошна Iаткъам беш хиларх резолюци тIеэцна тахана Европан парламенто. Документ тIехь къастийна хьахийна Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдина гIуллакх.
Ишта, дIахьедарехь тидаме эцна Нохчийчуьрчу даржхоша бакъонашларъярхойн болх емалбеш хилар. "Махкахошна тIаьхьадевлла лелар а дитий, бакъонашларъярхошна а, церан доьзалшна а, коллегашна а, агIончашна а, церан организацешна а тIаьхь ницкъбар" сацаде аьлла, кхайкхамбина Оьрсийчоьнан Iедалшка Европарламенто.
Документ тIехь Титиев Аюб маса маьршаваккхар а тIедожийна.
"Резолюцех цхьа пайда бала тарло. Ца балахь а, цо дан зен дац", - аьлла хета "Мемориалан" "Горячие точки" программан куьйгалхочунна Орлов Олегна.
Стохка Дечкен-баттахь дуьйна лаьцна латтош ву Титиев Аюб, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехке а вина. Бакъонашларъярхочо ша а, цуьнан накъосташа а наркотикаш полисхоша цунна кхийсина лору. Цо бен болх бахьана долуш, политикан бух тIехь долийна хета царна Титиевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх.