ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен блог яьстина аьлла, хаамбина бакъонашларъярхочо Муцольговс


Муцольгов Мохьмад (аьрру агIор)
Муцольгов Мохьмад (аьрру агIор)

Жигархочун Муцольгов Мохьмадан блогерехь ГIалгIайчуьрчу протестхойн боламан цхьахволчу лидеран Чемурзиев Бараханан сий дойуш пост зорбане яьлла еаридийнахь. Бакъонашларъярхочун блоган агIо яьстинчул тIаьхьа "Кавказский узел" агенталлехь араяьлла и публикаци. "Кавказ.Реалиига" Муцольговс дийцарехь, и материал цо язйина яц.

Iуьйранна 10 сахьт даьллачул тIаьхьа зорбане яьккхина хилла материал дIаяьккхира хьостан администрацино тIаьхьо, дийцина юкъаралхочо.

"Со Интернетца гIуллакх долуш вац карарчу хенахь, хIунда аьлча, реанимацехь Iуьллучу сан нанна уллохь ву со. Де хьалха бен со республике юхавеана а вац, дарбан цIийнехь цуьнца буьйса яьккхинчул тIаьхьа. Оцу публикацех сайна хиъча, вон хийтира суна, хIара дуьххьара дац, хьалха а иштаниг хилла дара. Сан блог а яьстина, ницкъаллийн белхахой емалбеш материалаг арахоьцура цхьаммо. Официалехь и йозанаш сан дац аьлла, ас дIахьединнашехь, оцу сахьта гIуллакх доладора цара. Бакъонашларъяран хьокъехь ас дина дIахьедарш ма дуьтура цара тергамза", - аьлла Муцольговс.

"Мила ву Чемурзиев Барах?" аьлла, язйина публикаци протестхойн боламехь барт эгIон Iалашонца юкъаяьккхина ю аьлла хета бакъонашларъярхочунна.

Артиклехь яздо Чемурзиев агент а ву, ишта хIирийн бизнесхочуьнца Боллоев Таймуразца юкъаметтигаш а ю цуьнан бохуш.

Шен блог яьстина аьлла, латкъам ца бина Муцольговс полицига.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG