ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца дозанаш къасточу Дагестанна дан хьехарш ду Евкуровн


Нохчийчоьнца дозанаш къасторехь дикка зеделларг ду шайн, цундела Дагестанна хьехаршца а, консультацешца а гIо кхачо кийча ду шаьш аьлла РБК-н телеканалехь гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

"Нагахь Дагестан тхоьца дагаялахь, оха хьоьхур дара дозанех дискуссин майданашка дуккха а адам гулдар, тхоьгара дийлина гIалаташ цаьргара а ца дилийтархьама. Со тешна ву, шина субъектна юкъахь нийсонан юкъаметтигаш хила а еза, бартбан а хууш хила беза уьш", - аьлла Евкуровс.

Цо бахарехь, "Нохчийчоьнца дозанаш билгалдаьхначул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан бахархоша протесташ йолор юйла хууш дара", хIунда аьлча, регионан Iедалша гIалаташ дитинера оцу хаттарехь юьххьехь дуьйнна. Бахархошка хIетахь дIакхачийна информаци тоаме хеттера тхуна аьлла Евкуровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG