ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелана бахьана ца карадо маьждиган имам чуволла


Дагестан - Каспийскера суд.

Дагестанера Каспийск гIалара 34 шо долу вахархо Эмирбеков Тимур Сербино дIахьажийра Оьрсийчу 2017-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. ЦIахь иза бехке веш ву Шемахь экстремистийн тIемалойн тобанан декъашхо хилла хиларна.

РогIерчу кхелан кхеташонехь Эмирбековн адвокаташа тоьшаллаш далийра иза тIемало хилла бохург харц деш. Цаьрга ладоьгIначул тIаьхьа а кхел и жима стаг бакъван ца хIоьттира. Амма иза бехке веш сацам а цабира цо. Суьдхочо юхахьажийра Эмирбековн гIуллакх кхин дIа а таллам бе аьлла.

ЦIеххьана гучудаьлларг

Эмирбековна Сербино Оьрсийчу экстрадици йира, цо тховкIело йоьхуш дина дехар а долуш. Цул хьалха Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дихкинера Сербин Iедалшна дагестанхо махкахваккхар. Амма адвокатан аьтто ца белира, цунах пайда а эцна, Эмирбеков араваккхарна дуьхьало ян.

Талламхоша чIагIдарехь, дагестанхо Шемахь кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу тIемалойн тобанан декъашхо хилла 2013-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна 2014-чу шеран Оханан-бутт тIекхаччалц йолчу хеначохь. Иза бехке веш бина сацам суьде хьажийнера 2017-чу шарахь Мангалан-беттан 7-чохь. Кхин а шо сов хан яьла, 2018-чу шарахь Марсхьокху-беттан 17-чохь кхелахочо Магомедова Гюлбикас бехктакхаман гIуллакх прокуратуре юхахьажийра, кхачамбацарш дIадаха аьлла.

Тоьшаллаш ца оьшу кхелана

Эмирбековн адвокато иза бехкевоккхуш дуккха а тоьшаллаш дIаделла кхеле. Царна юкъахь ду Туркойчохь цо цхьацца техника эцарх а, иза тояйта дIаяларх а лаьцна кехаташ.

Эмирбеков бехказваккхархоша чIагIдарехь, Туркойчуьрчу Анталехь ял ялархочуьнан номер а хилла цуьнан, амма кхелехь и тоьшаллаш тидаме ца эцна, гIуллакх юхаталла дIахьажор долуш ду аьлла.

Адвокато Гададов Исрафила дийцарехь, Эмирбековна Туркойн Iедалша ваха бакъо елла хиларх лаьцна кехат а ду цаьргахь. Цул сов, тIемало хиларна бехке веш волчу жимачу стага петар эцна а хилла Анталехь, ша вехачу Каспийскера шен хIусам дIа а йоьхкина.

IатIкъам ловш хилла имам

Карарчу хенахь Эмирбеков латтош ву талламан изоляторехь. Цуьнан хIусамнанас Чаракова Аминас дийцарехь, Туркойчу ваха дIавахале цуьнан хIусамда имам хилла Каспийскерчу "Каспий-Лада" олучу маьждигехь. Цо масийттоза латкъам бина а хилла низамашлардечу органашка ницкъаллин структурийн белхахоша шена Iаткъам беш хиларна.

РогIера рейд дIахьош лаьцна а хилла Эмирбеков полицино, амма кхин бехк ца кховдош дIахецна. Цул тIаьхьа махкахвала сацам бина жимачу стага. Шен доьзал а эцна, Сербе ваха новкъаваьлча иза "Интеполехула" дуьненаюкъарчу талламашка велла Дагестанерчу ницкъаллийн стркутурийн белхахоша.

- Цу кепара лаьцна экстрадици йира шен хIусамдена,- дуьйцу Чараковас.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG