ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а лахара алапаш оьцу Нохчийчуьрчу хьехархоша


Росстатан зерашца, Къилбаседа Кавказерчу регионашкарчу хьехархойн белхан алапаш уггар а лахара ду. Нохчийчохь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилба ХIирийчохь а школашкахь хьехархоша оьцу 20 эзарна тIера 23 эзар соьме гергга ахча, хаамбо "БИЗНЕС Online" гIирсо.

Дахначу шарахь юккъерчу барамехь аьлча, Оьрсийчуьрчу доьшийлашкарчу хьехархойн беттан алапа 38 419 сом хилла.

2016-чу шарахь Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий даржах мукъаваккхар доьхуш, интернетехь кхоллаеллачу тобан дехарна бухаязвеллера 150 эзар вахархо. И интернет-кхайкхам айбинчу авторо яздора, "балхо ца кхобучу хьехархоша кхечунхьа кхаллар лаха бохучу стеган меттиг яц Iедалехь" аьлла.

ХIетахь, кегийрхойн дешаран форум йоьдуш Дагестанерчу университетерчу Iилманчас хьехархой алапаш лахара ду аьлла латкъамбича, реза дацахьа, ахча даккха кхин некъаш а каро беза хьехархошна аьллера Медведевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG