Iамеркан режиссеран Кэмерон Джеймсан "Аватар" кинон авторшлахь ша хилар тIечIагIдай, шена догIу компенсаци охьадиллийта аьлла, Заводской кIоштан кхеле латкъамбина ша аьлла, дIахьедина нохчийн яздархочо Закриев Руслана.
2015-чу шарера схьа дуьйнна Iамеркан филман сценари ша язйина бохуш, дIахьедо Закриевс. Масийттазза ша вехачу Ставрополан кIоштан кхеле а дира цо аьрзнаш, амма Кэмерон Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь вехаш хиларна, гIуллакх доло дуьхьало йира цунна.
"Новости" агенталлаца шен хиллачу къамелехь нохчийн яздархочо чIагIдо, 2002-чу шарахь Проза.ру сайтехь зорбане яьккхинера ша шен "Къайлах герз" фантастикан роман, цу юккъера дийнна блоках Кэмерона пайдаэцна шен кино чохь бохуш. Кэмеронан филм гайта йолийра 2009-чу шарахь.
"Кэмеронан гIоьнчера Клэнси Томера кхо кехат деана соьга, цара а тIечIагIдо сюжет цхьатерра хилар, амма шайн идейш ас лачкъийна бохуш, чIагIонаш йо цара. Кино араялале хьалха ас зорбане яьккхина ма ю сайн роман. ХIинца кхелехь со бакъхилар къуьйсу ас, сох къу ма вина цара", - аьлла агенталле Закриевс.