ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Токхамаш хиллачарна керла эвла йиллина Теркйистехь


Токхамаш хилла, хIусамех боьхначарна лерина Теркйистерчу ЧIулга-Юьртан йистехь хIусамаш йина. 54 цIа кийча ду нах чубита. 4200 стаг ву уггар чIогIа хьашто йолуш, арахь висина, яздо "Кавказский узел" агенталло. Стохка гурахь бахархоша латкъамбира, токхамаш хиллачу меттигашкара шаьш дехьадаха сихо ца йо Iедалхоша аьлла.

Республикан урхалхоша чIагIо йинера, токхамшкара нах дIакхалхош йолу, хIинццалц сацийна лаьттина федералан программа, 2019-чу шеран юьххьехь юха йолор йолуш ю аьлла.

"Деш лаьтташ ду кхи а 200 цIа. Токхамаш хилла, гIишлош йоьхна Горагорскехь а, НогIа-Мирзин юьртахь а дIатарбина хилла бахархой уггар хьалха чуберзор бу керлачу меттиге",- аьлла гIишлошъяран министраллан векало.

Нохчийчохь токхамаш хиллачу территори тIехь 65 эвла ю, цигахь веха 26 эзар гергга стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG