ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн чуьра даьхьна ахча схьадоьху МачаликашвилигIара


Мачаликашвили Малхаз, вийначу Темирланан да
Мачаликашвили Малхаз, вийначу Темирланан да

ПIаьнказахь лерина операци дIахьочу заманчохь герзан чевнех веллачу 19 шо долчу Мачаликашвили Темирланан доьзало шайн цIийнах хьовсучу хенахь дIадаьхьна 22 575 лари юхадалар тIедожийна Гуьржийчоьнан кхерамзаллан урхаллана (СГБ). ПIераскандийнахь бина цунах хаам доьзалан адвокато Кублашвили Мариама, яздо IPN агенталло.

Цо бахарехь, кхеле арздан Iалашо ю церан, нагахь ахча юха ца дерзадахь. "Ас масийттазза дехар дина къайлахчу сервисашка, и ахча схьало аьлла. Талламан массо а барамаш бирзина, ахча юхало аьлла, бина суьдхойн сацам а бу. Тахана юха а СГБ-е а, прокуратуре а кхайкхамбо ас. Нагахь ахча схьа ца лахь, кхеле ер ю", - дIахьедо Кублашвилис.

МачаликашвилигIеран хIусамах талламаш беш дIадаьхьна ахча, Германехь ехачу Темирланан йишас Натияс даийтина дара, петар эца аьлла, дийцина адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG