ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЗаьIапхочунна тIехь къизалла лелийначу азербайджанхошна бекхам бина нохчаша"


Москварчу "Неолит" кафена хьалха хиллачу тасадаларх а, цул тIаьхьа стаг верах а шуьйра яздина "Росбалто".

Агенталлан хьосташа дийцарехь, шайн махкахочунна вас йина аьлла, Нохчийчуьра бахархой бекхам беш хилла Азербайджанера схьабевллачарна. Нохчочунна тIехь ницкъ мел бинчарна йиттина, ткъа азербайджанхойн лидер, "авторитет" Оруджов Гариб вийна, тапча тоьхна.

Хилла ситуаци дика евзачо "Росбалте" дийцарехь, Дагестанехь кхиъначу нохчочун Алиханан дов даьлла хилла Москварчу Печатники олучу кIоштахь бехачу азербайджанхошца. "Оруджов Гарибан" тобанера хилла уьш. Печатникехь авторитете стаг ву ша бохуш, лелаш хилла Оруджов.

Цо терго латтош хилла цхьа могIа ресторанашна а, йохка-эцаран базаршна а тIехь. Ткъа "Неолит" кафе цуьнан штаб-квартира хилла.

Социалан машанашкахь доладелла хилла Алиханан дов дуьххьара. Цу майданахь аьшнашбина хилла цо шен оппоненташ а, доллу Азербайджанан къам а. Юьстах вала аьлла, кхайкхича, ша цхьаъ тIевахана хилла иза.

"Адамца цхьана минотехь ахь къамел дича, хьуна хууш ма хуьлу, и стаг могуш ву, йа вац. Иштачу нахаца дов къастор - ша цаларар ма ду", - боху агенталлаца къамел дечо.

Алиханна йиттина, иза кхетамчуьра валлалц, цул тIаьхьа машенан багажник чохь Оруджовна тIевигина хилла. Цул тIаьхьа иза метта а валийна, кхи а тIе йиттина цунна.

"Масех сахьтехь ницкъбина Алиханна тIехь. Ша могуш ца хиларна, цунна-м хууш ца хилла шена тIехь дийриг хIун ду а. Видео тIе дIа а язвеш, шена гечдар дехийтина ца Iаш, осал мел дерг а дийцийтина цуьнга азербайджанхоша. Цул тIаьхьа хьажа томехь йолу цхьа видео яржийна цара. И дерриге а Оруджовс куьйгалла а деш, дина хIума ду", - аьлла, дийцина агенталле шен цIе яккха ца лиинчо.

ТIехь экзекуци йинчул тIаьхьа юха а багажник чу а хаийна, юьстах ваьккхина, охьатесна хилла Алихан.

Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу гIаланашкахь нохчийн диаспорийн векалша дийца даьккхина и гIуллакх социалан машанашкахь видео Iораяьллачул тIаьхьа. Москвахь шайггара таллам бина цара, мила ву оцу доллучунна а тIехьа лаьттарг зуьйш. ТIаккха сацамбина нохчаша, Азербайджанера схьабевллачаьрца "тIом" бан.

"Кхузахь Алихан вийцина ца Iа, леттачарна цхьанна а иза вевзаш ца хилла. Массо а эргIадвахийтинарг ша и ситуаци ю", - аьлла, билгалдаьккхина "Росбалт" агенталлан хьостано.

ТIаьххьара а, масех нохчочо шайца цхьанакхета аьлла хилла Азербайджанерчу бахархошка. Дахначу еаридийнахь буьйсанна "Неолит" кафе чохь вовшахкхета барт хилла шина агIонан. Нохчийчуьра а, кхечу Оьрсийчоьнан регионашкахь а бехаш болу нохчий а гуллуш хилла Москвахь, Алиханна тIехь харцо лелийначарна бехкам бан. Вовшахкхетта Москвахь бехачарех йоккха тоба, царех дукхахберш профессионалан латархой а болуш.

30 стаг хилла верриг а кафе хьалха тIевеанараг. Азербайджанхой кийча бара уьш тIеэца, амма оццул дукха нохчий вовшахкхетар бу аьлла, дагахь ца хиллера царна.

Дов къасто хIорш кафен уьйтIа бевлча, машенашчуьра охьалилхинчу нохчаша юкъаметтиг къасто къамелаш а ца деш, летта азербайджанхойх, травматкиан герз а детташ. Баьхкинчара хоьттург Оруджов хилла, ткъа иза-м, дийцарехь, шен машенахь дIаваха кхиъна.

Иза лаха тIаьхьабевллачу нохчашна каравеана Оруджов Самаркандан булварехь. Вада гIоьртинчу цунна циггахь тIаьхьашха герз диттина, вийна иза. Цул тIаьхьа дIасабевлла нохчий.

Агенталлана хилларг ма-дарра дийцинчунна хетарехь, кхи тIаьхье йолуш хир яц хIара истори. "Боллу азербайджанхошна дуьхьал йолийна акци ма яцара иза, цхьана тобано динчу цхьана зуламна бина бекхам бара", - аьлла цо.

Хааза дуьсу, муха хир ю ницкъаллийн структурийн хиллачух реакци. ХIинцале оцу зуламан талламбан юкъаозийна МУР-ан белхахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG