ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьонкан фестивал дIаяхьа кечлуш бу Соьлжа-ГIалахь


КарабогIучу беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалахь «HONK FEST» аьлла, хьонкан фестивал хIоттош ю туризман министралло а, шахьаран мэрино а юкъахь. 2019-чу шеран дагахь доцу, гастрономин хилам бу дуьххьара дIакхайкхийна республикан «HONK FEST» фестивал.

Нохчийн къоман уггар безаш тIеоьцу кхача кечбаран а, Iалашбаран а ламасташ чIагIдархьама, кеп-кепара хьонка кечбарехь зеделларг даржорхьама, нохчийн хьаша тIеэцаран гIиллакхаш а карладахаран Iалашонашца вовшахтухуш ю фестивал.

Дийцарехь, республикан лаьмнийн кIошташкара тоьлла кхача кечбийраш гуллур бу Соьлжа-ГIалахь хинболчу къовсамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG