ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан а, Нохчийчоьнан дозанаш къасторехь шеконе латтанаш ду


Нохчийчоьнца дозанаш къасточу Дагестанан юкъараллан комиссин декъахоша хаамбина меттигерчу парламентан спикере Шихсаидов Хизрига, дозанаш дIасадоькъучу заманчохь къовсаме хила тарлучу территорех лаьцна.

Луларчу регионна латтанаш дIадала дагахь яц республика, ткъа латтанаш билгалдоху ша и процесс шина шаре дIаяхъяла тарло аьлла Шихсаидовс. Карара шо дерзале шина регионна юкъара территореш къастийна бовла барт хилла Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалхойн аьлла, хааме даьккхинера "Кавказский узел" агенталло.

Кху беттан 7-чохь дийца долийра, Гумбетан кIоштара Мехельта эвлана гергарчу лаьтте дог дохуш ю Нохчийчоь аьлла. Дахначу кхааридийнахь дIаяьхьначу горгачу стоьлехь Ботлихан кIоштарчу Ансалты юьртан а, Цумадинан кIоштан Гакко юьртан а бахархоша дIакхайкхийра, Нохчийчоьнца дозанаш къасторехь шеконе территореш хиларх.

Историко Хапизов Шахбана йовзийтира къовсаме хила тарлун меттигаш, Къоьзан Iома тIера къилбехьа лаьтта 1200 гектар территори а хьахош.

ПIераскандийнахь Дагестанан парламентан куьйгалхочун Шихсаидов Хизрин цхьанакхетар хилира Нохчийчоьнца латтанаш къасторехь векал йинчу республикерчу юкъараллан комиссин декъахошца. Церан барт хилла мехкан куьйгалхо Васильев Владимир белхан хьокъехь вахначуьра юхавирзича, Шихсаидовс дехар дийр ду цуьнга аьлла, комисси юкъа эксперташ а, журналисташ а, юкъаралхой а битар доьхуш.

Дозанаш билгалдаьхна, бертан куьйгаш яздан хIинца а ши шо гергга хан ю. "ХIокху балха тIехь вай сихдеш стаг а вац, ши шо хан ю къахьега. Амма хIокху шерачохь 75 процент болх бина чекхбаккха дезар ду", - аьлла Шихсаидов Хизира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG