"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн Дейр-эз-Зор провинцера тIаьххьара форпост шайн кара ерзийна "Демократин Шеман ницкъаш" ("Силы демократической Сирии") колаицино. ТАСС агенталло бина и хаам, "Ал-Маядин" телеканална тIе а тевжаш.
Агенталлан хьосташа дийцарехь, Iамеркан ВВС-н ницкъаша гIо а латтош, коалицин аьтто баьлла Иракъан дозанера Эл-Багуз эвла схьаяккха а. Оцу юьртахь куп тоьхна радикалаш, шаьш бен тIемаш совца а бина, карабахка реза хилла.
"Демократин Шеман ницкъаш" коалицин даIишхошца хиллачу бертаца а догIуш, гергарчу сахьташкахь Iарбойн, курдойн тобанийн карагIур ву 440 тIемало.
Коалицин тобанаша а, "Исламан пачхьалкхах" бисинчу ницкъаша а маслаIат дира пIераскандийнахь. Церан барт хиларца ка елира Эл-Багузна гена йоццучу мухIажирийн куьпа гуманитаран гIо чукхачо.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ