ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьлхуьйтурш ехкина аьлла Москвахь а, Петарбухахь а эвакуаци йина нахана


Масех яккхийчу Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а йохка-эцаран а, самукъадаккхаран а центрашкарчу нахана эвакуаци йина шоьтадийнахь, чохь ехкина лоьлхуьйтурш ю аьлла, кхаьчна хаамаш бахьанехь. "Интерфакс" агенталлан информацица, Москварчу "Атриумехь" а, "Капитолийн" йеа центрехь а нах кIелхьарабаьхна. Ткъа Петербургерчу "Румба", "Радуга", "Галерея" центрашкарчу нахана а йина эвакуаци, хаамбина "Фонтанка" хьостано а, социалан машанашкахь а.

"Фонтанка" хьостано хаамбарца, шина а гIаланашкахь кхерамашца тийсинчу кехаташ тIехь язйина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимимран цIе хилла.

Де хьалха Москвахь цхьана офисан гIишлочуьра а араваьккхира масех эзар стаг, бомба йоьллина хIусамах аьлла. Байначу баттахь дуьйнна кхоьхьуьйтуш бу Оьрсийчоьнан регионашка лоьлхуьйтурш ю ехкина бохуш, харц хаамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG