ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Камуфляж лелор йоллу Оьрсийчохь дехка дезара


Йоллу Оьрсийчохь а дехка деза аьлла хета Нохчийчуьрчу Iедалхошна могIарерчу бахархоша ницкъаллийн структурехь болчеран барзакъ лелор. "Говорит Москва" хьостаца хиллачу къамелехь зорбан министро Умаров Джамбулата дина цу кепара дIахьедар.

"Харц хIуммаъ дац кхузахь. Спецдухар лело деза бакъо йолчара. Ма-дарра аьлча, йоллу Оьрсийчохь дехка дезаш хIума дара иза. Кеп-кепара тIеман барзакъ лелош дукха нах баьржина, цара хIуъа а леладо. Цундела йоллу пачхьалкхехь талла дезара хIара гIуллакх", - аьлла Умаровс. Нахана юкъахь камуфляж лелочаьрца къийсам латторна ша реза ву аьлла, билгалдаьккхина министро.

Маршо Радионо яздира, ницкъаллийн структурашкарчу белхахойн духар лелочу нахаца профилактикан болх дIабаьхьна Гуьмса кIоштарчу полисхоша аьлла. ТIаьххьарчу хенахь даьржина могIарерчу наха арахь полисхойн духар лелош меттигаш аьлла, дийцинера кIоштан полицин хьаькамо Байсултанов Юсупа.

"Оцу нехан лелар шаьш ницкъаллийн структурашкахь болх беш долуш санна хуьлу. Дехар ду сан бахархошка, нагахь шун дахар ницкъаллийн структурашца дозуш дацахь, ма леладахьара аш тIеман барзакъ", - аьллера Байсултановс.

Гуьмса кIоштарчу некъан полисхойн куьйгалхочо Эрсабиев Турпал-Iелас дийцина, могIарерчу наха а цхьана ницкъахойн духар лелорна: хьал чIагI а делла, урамехь гулбелла дуккха а полисхой болуш санна сурт хIутту бохуш.

"Оьрсийчуьрчу уггар а маьршачу, паргIатчу регионехь дехаш ду вай. Ткъа къаьсттина республике оьхучу хьешийн а, туристийн а бIаьргаша схьалоцу ишта сурт, церан шеконаш кхоллало тIаккха", - аьлла Эрсабиевс.

Ишта хьаькамаша билгалдаьккхина, дукха хьолахь ярташкахь бахархоша чохь а, арахь а мух-муха а белхаш беш юху камуфляж, ткъа цо а талхайо полисхойн имидж аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG