ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра ХьажцIа боьлхучара кехаташ чудала долийна


СаIуда Iаьрбийчу зиярте баха луучара кху беттан 15-чохь дуьйна кехаташ чудала долийна. ХьаьжцIа боьлхучийн тобанийн хьалханчаш кху шара кхин а совбохур бу, хIоранна динан литература а кхачор ю, шеца цигара пхи литар маьхза хи дан бакъо хир ю аьлла, сацамбина кху шара Динан урхалло.

Стохка Нохчийчоьнна 2600 меттиг белира ХьаьжцIа баха. 3500-4000 долларшкахь ахча делира цига воьдург, лурчаха хиллачул а 20 процент беза а нислуш некъ. Кху шарахь а 2600 квота кхаьчна Нохчийчоьнна. Зиятртхошна атта хилийта цхьа могIа керла низамаш юкъадаьхна аьлла, дIакхайкхийна мехкан муфтиятехь.

"ХIинца дуьйна автобус тIехь СаIуда Iаьрбийчохь езачу метигашкахула нах дIасалелочу хенахь улло ваьккхина Iеламча хир ву. ХIинццалц самолет тIе тобанца цхьа стаг вара хьалхавоккхуш. Ишта хIоранна а дIасайоькъур ю динах литература, пхиппа литар Замзан хи маьхза цIа дан йиш хир ю", - аьлла "Кавказский узел" агенталле муфтиятан белхахочо.

Иштта Меккахь а, Мединехь а езачу меттигашна гергарчу хьешийн хIусамашкахь дIатарбийр бу нохчийн зияртхой.

Стохка муфтиято къобалйина ООО «САФА-ТУР» туроператор хир ю ХьаьжцIа боьлхучийн кехаташ луьстуш. Юккъерчу барамехь аьлча, 250-300 эзар сом дер ду кхушара ХьаьжцIа воьдург цхьана стеган.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG