ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь йийсаре лецна даIишхой дIабига аьлла, кхайкхамбина Трампа Европе


Британига а, Францига а, Германига а, кхечу Европан пачхьалкхашка а кхайкхамбина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана юкъара шайн эскарша а, церан агIончаша а йийсаре лаьцна тIемалой "шайна дIа а бигий", кхеле хIиттабе аьлла. Ца хуьлчу далахь, Iамеркахоша дIахоьцур бу уьш, тIаккха Европан мехкашка юха а баьхкина, зуламаш лелор ду цара аьлла, шен Твиттерехь яздина Трампа.

Социалан машанехь Iамеркан президента ца боху, лецна джихIадхой Европан бахархой бу, делахь а оцу пачхьалкхашкара бIеннашкахь нах бара даIишхошца. "Халифатан" могIаршкахь Иракъехь а, Шемахь а эшамаш хила боьлча, царех цхьа дакъа Европе юхабаьхкинера аьлла, тешна бу къайлахчу сервисийн белхахой.

Де хьалха Iамерко гIо латточу Шеман демократин ницкъаша дIахьедира, Шемахь "Исламан пачхьалкхан" карахь цхьа юрт ю йисина, гергарчу заманчохь цигара группаш а хIаллакйийр ю шаьш аьлла. Цул тIаьхьа Шемара шайн эскарш арадаха дагахь ву Трамп Доналд.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG