ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мордовехь лоьху Нохчийчохь яйна йоI


Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанара 25 шо долу Джабраилова Залина лохуш гIо дехна меттигерчу бахархошка Мордовин Талламан Комитето. Талламчийн версица, дахначу шеран Дечкен-беттан 20-чохь гина иза тIаьххьара. Старосунженскан урамехь ехачу шен йишин хIусамера араяьлла иза суьйранна ворхIолгIачу сахьтехь, бургерш эца йоьду аьлла, цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дац.

Шеца схьаэцна ца хилла цо йа паспорт а, йа шен бедарш а. Бехкзуламан гIуллакх а долийна, лоьхуш ю яйнарг Къилбаседа Кавказехула а, Оьрсийчоьнан регионашкахь а.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG