ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Башкирехь лачкъийна машен карийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчохь Соьлжа-ГIалан кIоштахь таллам беш чекхволуьйтучу меттехь лаьттачу Оьрсийчуьрчу регионашкара бахкийтинчу полицин белхахоша сацийна хилла 69 шо долчу меттигерчу вахархочо урхалла дон машен. Кехаташ теллича гучудаьлларг ду иза лоьхучу машенийн федералан базехь хилар.

Болчу хаамца, машен ядийна хилла 2009-чу шарахь Башкортостанехь. Карарчу хенахь иза а, цунна урхалла деш хилла стаг а таллам бан дIавелла Соьлжан-ГIалан кIоштан полице, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказерчу коьртачу урхаллан зорбанан сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG