ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс шен метта витина Хучиев


Хучиев Муслим.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Чиллан-баттахь билгалваьккхина ша цомгуш хилча я садаIош волуш шен метта хир волу Iедалхо, яздо Yuga.ru сайто, цуьнан администрацино бинчу хаамна тIе а тевжаш. Нагахь цу тайпаниг хилахь Кадыровн декхарш кхочуш деш хир ву республикерчу Iедалан куьйгалхо Хучиев Муслим, аьлла ду цигахь. Кадыровс шен лаам гойтучу кехата тIе куьг таIийна хилла Чиллан-беттан 11-чу дийнахь.

Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаш бинчу хаамца, Кадыров карарчу хенахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь ву. Цига иза вахана белхан визитаца, Абу-Дабин эмиратан кубйгалхо хIуттар волчу принцо Мухаммада бен Зайд Аль Нахайанас хьошалгIа а кхайкхина. Цу кепара, карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш ву Хучиев.

Болчу хаамца, Эмираташа Нохчийчу хьажийначу инвестицийн барам бу 350 миллион доллар. Цу махкара инвесторш дакъалоцуш бу "Ахмат тауэр" комплекс а, Къилбаседа Кавказехь уггар йоккха хир йолу "Грозный молл" махбаран центр а, 5 эзар студентана лерина университет а кхуллуш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG