ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхан" видеош кечйеш хилла стаг лаьцна Шемахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Шемахь лаьцна "Исламан пачхьакхан" видеороликаш ингалсан матте йохуш уьш кечйеш хилла Канадин махкахо, хаам бо The New York Times газето. Цо яздарехь, иза ву 35 шо долу Халифа Мохьаммад. И стаг лаьцна хилла коалицин эскархоша Дечкен-баттахь.

Халифа вина СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхехь. Жима волуш дуьйна дас-нанас дIавигина хилла иза Канадерчу Торонто. Жимачу стага дешна компьютеран технологеш Iамош.

2013-чу шарахь Шемахь иза дIакхетта "Исламан пачхьалкх" тобанерчу тIемалойх. Дуьххьара Халифа гочдархо хилла, ткъа тIаьхьо иза ингалс маттахь дийца волавелла тIемалоша йохучу видеороликашкахь хуьлург.

ТIаьхаьрчу масех баттахь, и болх а битина, тIом беш хилла Халифа. Иза коалацин эскархошна каравахна тIематасадаларехь чов хиллачул тIаьхьа.

"Исламан пачхьалкх" тобанехь ша болх барна дохко ца ваьлла ша, аьлла Халифас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG