ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дов дIадирзина лору Москох цхьаьнакхеттачу нохчаша а, азербайджанхоша а


Нохчийчоь. Гайтаман сурт.
Нохчийчоь. Гайтаман сурт.

Нохчаша а, азербайджанхоша а дакъалоцуш хиллачу латаран тIаьхьенаш ерзо гIерташ кIиранан дийнахь Москох цхьаьнакхеттера шина къоман векалш. Цара дIахьедар дина дов дIадирзина лоруш ду, иза марсадаккха гIертачу питанчашка ладогIа оьшуш дац аьлла. Цу наха чIагIдарехь, шина къомана юкъахьра барт боьхна а бац, боха бахьана а дац.

Москох хилларг криминалан хилам бу, дар-дацар а иккхина хилла аьлла, дIахьедар динера шотдийнахь Азербайджанан президентан юкъараллан-политикан хаттаршкахула волчу гIоьнчо Гасанов Iелас. Цо чIагIдарехь, шина къомана юкъахь бац цхьа а цакхетамаш.

Шайн агIор Нохчийчуьрчу Iедалан векалша цкъачунна официала кепара аьлла хIумма а дац Москох хиллачу латарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG