ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доза ца къуьйсу Iаьндаша


Дагестан -- Годобери эвла.
Дагестан -- Годобери эвла.

Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш цхьа а цакхетам бац шайн аьлла, дIахьедина БотIлихан кIоштан администрацин векалша. Цара дийцарехь, дозанаш хийцар дац дIахьош дерг, уьш долу меттигаш билагалъяхар ду.

БотIлихан администрацин белхахочо Хайбуллаев Хайбулас бинчу хаамца, говзанчашца а, меттигарчу бахархошца а цхьаьна цара теллина Нохчийчоьнца йолчу Годобери а, Ансалта а, Рахата а, Тандо а, Iаьнда а, ГагатIли а, Риквани а эвланашна йистехула чекхдолу доза.

Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъахь доза ду 400 гергга километр, амма иза билгалдоккхуш хаттарш кхуллуш 8 меттиг а бен яц аьлла, дIахьедар дина Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира. Амма и меттигаш ца хьахош йитина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG