ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров юхавирзина шен дарже


Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина, ша шен дарже юхавирзина хиларх лаьцна. Телеграм каналехь цо бинчу хаамца, иза могуш воцуш хиллера, лаьмнашка ваханчохь сиркхо а хьакхаелла.

И бахьана долуш ханна республикан куьйгалхочуьнан декхарш кхочушдар тIедожийнера цо меттигерчу Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимана. Кадыровс билгалдаьккхина, шен могашалла хIинца дика хилар.

Хьалхо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша хаамаш баржийнера, Кадыровс шен метта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан декхарш ханна кхочушдийриг хIоттийна аьлла, могашалла галъяларца доьзна. Цхьадолча хьастанаша яздора, цо шена тIаьхьалонча хаьржина бохуш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG