ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробарт: Уггар дукха адамийн бакъонаш йохон меттигаш ю Нохчийчоь а, ГIирма а


Москох -- Нохчийчу боьлхуш хиллачу журналисташна а, бакъонашларъярхошна а ГIалгIайчохь еттарна дуьхьал акци.
Москох -- Нохчийчу боьлхуш хиллачу журналисташна а, бакъонашларъярхошна а ГIалгIайчохь еттарна дуьхьал акци.

Саццаза адамийн бакъонаш йохош йолчу пачхьалкхашна юкъахь Оьрсийчоь пхоьазза хьахийна Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн кхеташоно тIеэцначу резолюцехь.

Цу документана тIехь иштта юьйцуш ю Белорусси а, Китай а, ГIажарийчоь а, Бурунди а, Камбоджа а, СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкх а, Мьянма а, Венесуэла а, Къилба Судан а, Туркойчоь а, Зимбабве а.

Евробертана хетарехь, адамийн бакъонаш кхечу меттигашкахьчул а алсам кIоршаме йохош йолу меттигаш ю Нохчийчоь а, ГIирма а, Севатополь а, ткъа иштта Украинин "Iедалан Iуналлехь йоцу" цу мехкан малхбалера кIошташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG