ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох латаран тIаьхьоло ца хилийта гIерта нохчйин а, азербайджанхойн а Iедалш


 Кадыров Рамзан а (аьрру), Алиев ИльхIам а.
Кадыров Рамзан а (аьрру), Алиев ИльхIам а.

Нохчаша а, азербайджанхоша а дакъалоцуш хиллачу латаро бохор бац бIешерашкахь лаьттина цу шина къомана юкъара барт. Цунах лаьцна дIахьедар дина Москох цхьаьнакхеттачу Нохчийчоьнан а, Азербайджанан а куьйгаллин векалша.

Цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан Нохчийчоьнан цIарх волу депутат Делимханов Адам коьртехь волу депутатийн а, Iедалхойн а тоба а, Азербайджанан Москох векал Бюльбюль оглы Палад а, цуьнан ши хьехамча а, ткъа иштта шина а агIор муфтиятийн векалш а.

Гулбеллачара билгалдаьккхира, нохчийн а, азербайджанхойн а вежараллийн юкъаметтигаш ехха истори йолуш хилар а, ларамаза Iитталучу дар-дацарша уьш йохор ца хилар а.

Депутато Делимхановс довзийтира Москох хилларг хьокъехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарг. Кадыровс омра делла, муьлхха а питана таса гIортар сацадай, хьал куьйгакIел эцар, бохуш вара Делимханов.

Нохчийчуьра а, Азербайджанера а схьабевллачу дуккха а наха дакъалоцуш латар хилира Москох "Неолит" кафена хьалха кху беттан 14-чу сарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG