ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: Бахархошна рицкъ тIедар лахлуш ду Оьрсийчохь


2019-чу шарахь цхьанаметта лаьтташ ду ала мегар ду Оьрсийчуьрчу бахархойн долуш долу алапаш. 2017-чу шарахь хиллачарца дуьстича, церан хьаладовларан терахь дац 0,2 иттолгIа процент а бен. И терахь далийна Росстат урхалло. Цуьнца цхьаьна баккъалла а тIедогIучу рицкъан барам лахлуш бу хIора шарахь 1,3% процентана.

Кху шарахь бахархошна тIедогIу рицкъ алсамдала мегаш ду 4 регионехь боху говзанчаша: Нохчийчохь а (1,5%), Новосибирскан (1%), Кемеровн а (0,9%), Иркутскан а (0,3%) кIошташкахь а.

Говзанчаша дийцарехь, 2019-чу шарахь хир ду боху рицкъ алсамдалар хила мегаш планехь долу пенсеш тIетохахь а, яккхийчу компанеша шайн белхахойн алапашна индексаци яхь а.

2019-чу шарахь нахана рицкъ тIедар лахлур ду инфляци хилар а, налогаш тIетохар а, кIоршаме бюджетан политика лелор а бахьанаш долуш.

XS
SM
MD
LG