ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депутат Шеин: Оьрсийчоьнан картина тIера яйна Нохчийчоь


Путин Владимир къамел деш ву Федералан Кхеташоне.

Президент Путин Владимир Оьрсийчоьнан Федералан Кхеташоне къамел деш волчу чохь дIатоьхначу Оьрсийчоьнан Федерацин картина тIехь Нохчийчоь ца карийна "Нийсонан Оьрсийчоь" (Справедливая Россия) партин цIарх Пачхьалкхан Думан депутатана Шеин Олегана, хаам бо "Регнум" агенталло.

"Оьрсийчоьнан картина тIера мичча яханехь а яйна Нохчийчоь", - яздина Шеина шен Фейсбукерчу агIонехь. Ша чIагIдийриг гойтуш сурташ хIиттийна цо цу тIехь.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дина хIора шарахь Федералан Кхеташонна хьалха ша деш долу къамел. Хьалха а иза ма хиллара коьрта тидам тIебахийтина Путина пачхьалкхан чоьхьарчу политикана а, мехкан экономикана а.

XS
SM
MD
LG