ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьках кхачо яр меттахIоттийна Нохчийчохь


Шинарин дийнахь юкъахдаьлла электросерло ялар меттахIоттийна Нохчийчурчу ярташкахь. Хьалхо Маршо Радионо дийцина ма хиллара, ток йоцуш йисинера Хьалха-Мартанан а, Гуьмсан а кIошташкара маситта юрт.

Чиллан-беттан 19-чу Iуьйранна дIаяйнера 23 гергга эзар стаг вехачу Хьалха-Мартан кIоштарчу 6 эвла электросерлонах кхачо йон трансформатор.

Цул тIаьхьа болх бечура сецира "Гудермес" подстанци. Верриг а тоьках пайда эца йиш йоцуш висина вара 60 сов эзар вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG