ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаъ оьцуш лаьцна техникуман бахаман доладархо


Гайтаман сурт.

Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан талламан декъо бехктакхаман гIуллакх долийна «Энергетикан техникум» дешаран меттиган директоран бахамехула когаметтана дуьхьал, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цунна бехке дуьллуш ду, Iедалан даржехь а волуш, кхаъ эцар.

Талламхоша дийцарехь, Чиллан-бутт болалуш цуьнга цхьана жимачу стага дехар дина хилла, балха воьдуш накъосталла дахьара шена аьлла. Бахаман доладархочо жоп делла, 50 эзар сом лахь дешаран техникумехь техникан болх каро аьтто бу аьлла.

Болх лоьхург латкъам эцна ницкъаллийн структурийн органашка вахана. Ткъа цара кхаъ оьцуш лаьцна техикуман директоран когаметта. Таллам дIабоьдуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG